Зул-къаӀдат

исламан рузманан 11-гӀа бутт, бихкинчу беа баттах цхьаъ

Зӯл-къаӀдат йа зул-къиӀдат (Ӏаьр. ‎ذُو الْقَِعْدَةِ‎‎) — иза исламан рузманан йа беттан шеран цхьайтталгӀа бутт бу. Иза Къуръан чохь хьахийначу бихкинчу беа баттах хьалхарниг бу. Иза бусалбачарна шена чохь тӀом бан цамегарг бу, Дала Къуръан чохь аьлла дела: ﴾Баккъалла а, Далла гергахь беттанаш шийтта бу. Иштта дӀайаздина хилла Жайнахь [Лавхьул-Махьфуз чохь] Дала стигалш а, латта а кхоьллинчу дийнахь. Царах биъ бутт [зул-къаӀдат, зул-хьижжат, мухьаррам, ражаб] — бихкина бу. Иза [бутт бехкар] — бакъ дин ду. Цундела царна чохь [оцу дихкинчу беттанашкахь] шаьш-шайна зуламаш ма де. ТӀомбе массара а цхьаьна берриге а мушрикашца, цара шуьца массаьрца [йа массара а цхьаьна] тӀом ма-барра. АллахӀ — [Шех] кхоьручаьрца вуйла а хаалаш﴿ [Къуръан 9:36].

Зул-къаӀдат
Сурт
Цул хьалхарниг шаввал
Цуьнан рогӀераниг зул-хьижжат
Йохалла 30 де-буьйса[1]
Йуьхьанца дуьйна дӀа(д)баьлла 11 бутт
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш
Исламан рузма

   1. Мухьаррам
   2. Сафар
   3. РабиӀул-аввал
   4. РабиӀул-ахир
   5. Жумадал-ула
   6. Жумадал-ахират
   7. Ражаб
   8. ШаӀбан
   9. Рамазан
   10. Шаввал
   11. Зул-къаӀдат
   12. Зул-хьижжат


Тахана: кхаара
9 Джумада ас-сани 1446 хӀ. ш.


ВикицитатникТерахьаш дехьадахар

Этимологи

бӀаьра нисйан

Цу беттан цӀеран маьӀна «охьаховшаран бутт» бохург ду. Оцу баттахь соцуш хилла кхерсташ лелар.

Хьостанаш

бӀаьра нисйан
  NODES
os 1