Насаралла
Наса́ралла (Ӏаьр. النَّصْرَانِيَّةُ Ан-Насра́нийя), Масийхьалла (Ӏаьр. المَسِيحِيَّةُ Аль-Маси́хьийя), йа Эрмало́йн дин — иза дуьненан а, Ибрахӏиман динех а цхьа доккха дин ду. 33-чу шарахь гергга Палестинехь, Ӏийса пайхамаран ﷺ дахарна а, цуьнан шариӏатна а, цуьнга доссийначу Инжилна а гонаха кхолладелла ду иза. Цуьнан агӏончийн дукхалла 2,5 млрд гергга йу, ткъа географин даржаран агӏора — хӏор махкахь цхьаъ хилла а насарийн йукъаралла йу.
Насаралла Масийхьалла | |
---|---|
Ӏаьр. المسيحية Ӏаьр. النصرانية | |
Динан доьзал | Ибрахӏиман динаш |
Жайна | Библи (Товрат а, Инжил а) |
Диллинарг | ӏийса |
Тешар | монотеизм (Дела цхьаъвар) |
Декъашхойн дукхалла | 2,5 млрд |
Кхоьллина де | гергга 33 |
Йуьхьанца Дела цхьаъвеш хилла дин ду иза. Насараш тешаш бу ӏйиса пайхамар Масийхь а ву, Делан кӏант а ву, адамаш кӏелхьардаьккхинарг а ву аьлла. Ткъа Аллахӏа цара Шена тӏехь кхоьллина йолу харцонаш а, церан нийсадоцу тешар (ӏакъийдат) а Сийлахьчу Къуръан чохь билгалдина масийтта сураташкахь, царна инкарлойеш[1][2][3].
Насарийн коьрта йолу тобанаш йу: католицизм — 1,3 млрд гергга адам; протестанталла — 800 млн гергга; православи — 280 млн гергга; Малхбалехьара православин килсаш (миафизитство) а, Малхбалехьара Ассирийн килс (несторианство) а 70—80 млн[4][5].
Кхолладалар а, даржар а
бӀаьра нисйанНасаралла кхолладелла I-чу бӏешарахь Палестинехь, йуьхьанца жуьгташна а, Товратан жуьгталлин мессианистийн боламийн контекстехь арамийн мотт буьйцучу бахархошна а йукъахь. Ша кхолладеллачу дуьххьара итт шарахь и гӏараделира Шема махкахь а, кхийолчу провинцешкахь а, тӏаьхьо — кхийолчу этнически тобанаш йукъахь а. Риман императоран Неронан заман чохь насаралла гӏарадаьлла девзаш дар Риман империн дукхахйолчу провинцешкахь[4].
Пачхьалкхан дин ду аьлла, насаралла дуьххьара тӏелаьцна хилла Йоккхачу Эрмалойчохь 301-чу шарахь[6][7][8][9].
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ Мчедлов М. П. Христианство — йаззам бу «Большой советской энциклопедии» (3-е издание)
- ↑ BBC—Religion & Ethics—566, Christianity // BBC
- ↑ Briggs, Charles A. The fundamental Christian faith: the origin, history and interpretation of the Apostles' and Nicene creeds. C. Scribner’s sons, 1913.
- ↑ 1 2 Кузенков, Аверинцев, 2017, с. 194.
- ↑ Пучков, 1999, с. 859—860.
- ↑ The Oxford Dictionary of the Christian Church / Ed. by F. L. Cross, E. A. Livingstone. — Oxford University Press, 2005. — P. 107.
- ↑ Энциклопедия Британника. Статья: Armenian Apostolic Church;
Armenia became the first country to adopt Christianity about 300 ce, when St. Gregory the Illuminator converted the Arsacid king Tiridates III.
- ↑ Энциклопедия Британника. Статья: Saint Gregory the Illuminator;
He returned to Armenia in the midst of a Christian persecution pressed by King Tiridates III (who was a zealot for the regional idols) and was imprisoned in a burial pit. After being rescued, Gregory reputedly converted the king about 300, and Tiridates then became the first monarch in history to impose Christianity on his people. He did so about 20 years before Constantine I.
- ↑ Большая советская энциклопедия. Статья Аршакиды армянские;
При Тиридате III Великом [287—332] христианство стало около 301 государственной религией в Армении.
ХӀара йаззам табарна бакъхьа ду?: |