Абазой (абаз. Аба́за) — Кавказан орамерачу къаьмнех абхазхойн-адыгийн тобанера цхьа къам ду. Европеоидан расан понтийн бухара тайпанах къам ду.

Абазой
Шен цӀе абаз. Аба́за
Дукхалла а, ареал а
Дукхалла ~ 68 000

 Росси:
43 341 (багарбина 2010)[1]

 Туркойчоь:
12 000 (мах хадор)[3]
 Мисар:
12 000 (мах хадор)[3]
 Абхази:
355 (багарбина 2011)[4]

 Украина:
128 (багарбина 2001)[5]
Хаам
Археологин культура Майкопан культура, Дольменан культура, Цебельдинан культура
Мотт абазойн
Дин Ислам (сунниташ)
Йукъабоьду
Гергара къаьмнаш

Абхазхойн-адыгийн доьзал

Этносин тобанаш тапанта, ашхаруа
Схьабалар абазги, апсилы
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш
Абазойн къоман байракх

Йукъара хаамаш

бӀаьра нисйан

Российн Федерацехь карарчу заманахь беха, гулахь — Кхарачой-Чергазийчоьн 13 эвлахь[6]. Кхин а абазой беха Адыгей махкахь, масала тахана беха Уляп эвлахь масех доьзал[7][8].

ЦӀе (этноним) абаза (абазги) а, оцу этносан тобана йукъадогӀуш хилла тайпанаш а, карайо антикан авторийн кхолламашкахь вайн эрал V бӀешо хьалха дуьйна. Масала, ширагрецин историка Геродота (вайн эрал V бӀешо хьалха) шен ширачу дуьненан картин тӀехь Понта Эвксинан хӀордан бердашца дехачу къаьмнийн йаззам йукъахь, кораксашца, колхашца цхьаьна могӀарехь, йаздо кхин а тайпа абасгаш. Абазойн меттан талламхочо А. Н. Генкос оцу хьокъехь йаздира: «Термин абаза чӀогӀа шира ду, йукъара мотт а, оьздангалла а цхьаьнатоьхна гулдаран маьӀна ду цуьнан…».

Абазойн историн шира мохк — таханлера Абхазин мохк бу. Тамин (абазойн субэтнос) тайпа даьхна Доккха Лабан тогӀечухула и латташ Российн империн йукъатоххалц[9].

Абазой лингвистика агӀора уггар герга бу Абхазашна, амма царна алссама Ӏаткъам бина адыгаш а, церан оьздангалло а. Абхазхойн гӀиллакхаш кӀезиг ду, адыгийнчулла.

Динехь болу абазой — бусалба-сунниташ[6] бу.

2010 шарахь нах багарбаран терхьашца абазойн дакъа кӀошташкахула:

Абазойн МКӀ Кхарачой-Чергазийчоь 86,8
Адыг-Хаблан МКӀ Кхарачой-Чергазийчоь 29,8
Черкесскан ГӀКХ Кхарачой-Чергазийчоь 8,2
Малокарачаевски МКӀ Кхарачой-Чергазийчоь 7,8

2010 ш. нах бехачу меттигашкарчу абазойн барам[10]:

Кхарачой-Чергазийн Республика
Ставрополан мохк
Москох
ГӀебартойн-Балкхаройн Республика

Российн Федерацехь болхбеш бу Абазойн-абхазхойн этнос кхиоран дуьненайукъара цхьанакхетам «Алашара» Пиетарбухехь центран офис йолуш, Черкесскехь а, Сухумехь а шайна долу дакъош а долуш. Кхолламан президент — Экзеков Мусса Хабалевич — предприниматель, меценат, йукъараллин гӀуллакххо.

Абазойш буьйцу Къилбаседакавказан доьзалера абхазхойн-адыгийн тобанера абазойн мотт, цуьнан шиъ меттадакъа ду — тапантин (литературин меттан бух бу иза) а, ашхаруан а. Йоза кириллицин бух тӀехь. Российн дукхаха болчу абазошна хаьа кхин а гӀебартойн-чергазийн (адыгийн) а, оьрсийн а меттанаш[6].

Лингвистикица абазой бекъадо йоккха шина тобанна: тапанта (ашуа) а, ашхаруа (шкаруа), цара изза цӀе йолу шайн меттадакъа леладо.

Пхи эзар сов шо хьалха «абаза» этносан истори йола а йелла, кхиа а кхиъна абхазийн а, адыгийн а этносийн историци цхьаьна.

Андрей апостол

бӀаьра нисйан

Вайн эран I бӀешарахь — килсано дийцарехь, сийдолчу Андрей апостола 40-гӀачу шарахь вайн эран кхайкхийна керста дин ломан къаьмнашлахь: аланашна, абазгашна, зикхашна.

60-гӀа шераш дуьйлалуш, хӀинца чекхдаьллачу XX бӀешеран, советийн Ӏилманчо Г.Ф. Турчанинова шен накъосташца, Кавказан уггар шира йозан иэс Ӏамош (Майкопан йоза, жамӀ дира, теша а бира, и йоза къамел а доцуш цӀе йолуш ду ашуйн (шира абхазхойн = абазойн = убыхийн). И силлабийн йоза ду абазойн, абхазхойн, убыхийн дайшан, цхьаьна хенахь шайх ашуй олуш хиллаболчу, ткъа шайн мохк Ашуй. Вайн эрал III бӀешо хьалха и пачхьалкх йаьржинера Ӏаьржа хӀорд тӀиера къилбехахь хӀинцалерачу Майкопе кхаччалц къилбаседехь, Кубань хил дехьайалара къилбаседа-малхбузехь, Фазис (Риона) хил къилба-малхбалехь. Вайн эрал хьалхара II эзар шо долалуш ашуйн йоза чудаьхьна ширачу Финики цига бухкуш хиллачу ашуйн лайша, чӀагӀделла цигахь протобиблин (псевдоиероглифан) йоза хилла. Иштта кхетадо Ашуйн а, аьлчи а ширачу Абазин, Финикийн коьрта шахьаран Библан а йоза тера хилар. Ашуйн йоза бух хилира Библехь шайн финикийн йоза кхуллуш. Шен рогӀехь финикийн йозанах бух хилира латинин йозанна, ткъа латиничух, вайна ма-хаъара, схьайевлла дуьненан дукха абаташ. Г. Ф. Турчаниновс бинчу талламо гайтира, цуо «колхидийн» ду баьхна, цуьнан маьӀна финикийн йозанца а доккхуш хилира меттигера йоза, кхоьллина Къилбаседа-Малхбузан Кавказехь. И йоза кхоллархой хилла абазойн, абхазхойн, убыхийн шира дай. Абазойн маттахь Ашуя «ХӀордйист» бохург ду, ашуйш — ХӀордйистан бахархой бу. И шира цӀе — Ашуя йисина Къилбаседакавказера абазошна-тапанташна. "Абхазаш хӀинци а олу шайн историрера цхьаьна тайпанчу абазойх — ашәуаа (ашвуа), ма-дарра «ашу нах». ХӀокху гипотезан дуьхьал гуьржий хилла ца Ӏаш, цхьаболу адыгийн автораш а бу.

Абазги а, церан паччахьалла а

бӀаьра нисйан

II-чу бӀешарахь историно билгалйаьккхина пачхьалкх (олалла) — Абазги. VIII бӀешарахь историно билгалйаьккхина пачхьалкх — Абазгийн паччахьалла, алсама йевза «Абхазхойн паччахьалла» цӀарца. Цхьацца историн заманашкахь Абхазехь абазой алсама хуьлура церан гергарчу абхазел а. Йуьртабахамехь лело латта цатоарна, абазой кхаа тулгӀенца, тайп-тайпанчу историн муьрашкахь кхелхира Чергазийчу шайн гергарчу адыгийн махка.

К. Стала даладо дийцарш, цуо дийцарехь абазой кхалхар хилира ламхадорашкахула КӀайн хин а, Теберда хин а йаккъашкахула. Оцу маршрутийн топонимика хӀинца этимологи йолуш йу абхазхойн-абазойн меттанийн бух тӀехь.

Оьрсийн тептарш (автор ца вевза) дийцарехь, 1552 шарахь Москоха Иван Грозница барт а бина, ГӀирмин ханна духьал тӀеман-политикин барт бан, йеира чергазийн дуьххьара векалалла, царна йукъахь вара абазойн эла Езбозлуков Иван а[11].

1762 шо — Истамбулера французийн консуло Клод-Шарль Пейсонела йаздина -

Абазой, Чергазийчоьнан а, Гуьржийчоьнан йукъарачу меттигехь деха къам ду. Уьш бекъало, чергазий санна, масех тайпана, урхалла до элаша. Тайпанашна йукъахь гуттаренна а тӀемаш ду. Абазойн дин ду пантеизмаца ийна керсталла; тӀаккха а халкъо лору шеш цӀена керстанаш. Портас оцу пачхьалкхе шайн эла хӀоттаво, абазойн эла олу цунах, амма цуьнгахь дарж доцур Ӏедал дац. Элин резиденци Сухумехь йу. Коьрта хьаькамалла оцу меттигехь ӀаьржахӀордйистан пашегахь ду, амма абазой къера бац цунна а, туркойн эланна а, ницкъо бен уьш къарбийр бац. Кубанан сераскир наггахь тӀелета царна, кегийра даьхни, говраш, лайш схьа а бохуш. Оцу пачхьалкхехь йу шиъ коьрта порт — Сухум а, Кодош а.

XIX бӀешарахь абазоша йийкъира адыгашца а, абхазашца оьрсийн-кавказан халонаш а, цуьнан зуламийн тӀаьхье а.

Фрагмент. 1836 шо, 8 февраль. Хадсон Джеймса[12] — инарла-лейтенанте Тэйлор ХӀостерте. … «… абазой Ставрополан тӀелатарх»

Оццу ноябрь беттан чеккхенгахь чергазаша-абазойша шайн ницкъаш гулбира, шайн махка чулелхачу ӀаьржахӀордан гӀалагӀазкхашна а, оьрсийн регуляран дакъошна а дуьхьала лата. Абазой чулилхира Ставрополе, «Кавказан правительство» олучеран коьрта шахьре, шайца дӀавигира 1700 тутмакх, 8000 корта даьхни, кхин а. 300 стаг тутмакхех — Ставрополехь лакхарчу даржера нах бу: эпсарш, совдегархой, банкираш. Хилла царна йукъахь лакхарчу даржера тӀемахо, инарла, дийцарехь; иза йийсар вира шен штабаца цхьаьна. ХӀара хӀокху шарахь шолгӀа тӀелатар ду Ставрополан дина. Хьалха цара лецира 800 тутмакхь. ХӀара шолгӀа тӀелатар а чекхбелира чергазийн буьззина толам болуш, оьрсаша кечам а бинера царна дуьхьала.

Халахетахь а, Хадсонера Тэйлоре документ харцахьадаьккхина ду.

Абазойн тӀехьенаш, оьрсийн-кавказан тӀом чекхбаьлчи российн байӀатдинарш беха Кхарачойн-Чергазийчохь (эвланаш лакхахь йийцина).

Абазойн тӀехьенаш - мухажирш беха дозанал арахьа, царех адыгашца цхьаьна «чергазий» олу. Туркойчуьра чергазийн диаспоршна йукъахь Шемара, Израилера, Мисрара, Урданера, Ливиера абазой 24 эзар гергга стаг ву[6]. Дукхаха берш царех, шайн мотт бицбина, туркойн а, Ӏаьрбийн а меттанашка дехьабевлла, цхьаьна декъо йайина абазойн цӀераш а, фамилеш а, ийна туркошца а, Ӏаьрбашца а, цуьнца цхьаьна шеш схьадовларан билгалчу тайпанех йолу иэс латтайо таханлера де хӀотталца а.

Ламасташ а, гӀиллакхаш а

бӀаьра нисйан

Коьрта болх — даьхнийлелор, оцу йукъахь дӀалохкуш а, кхин а латталелор. Охана дан кечдора уггар хьалха цӀийнан уллора лаьттан дакъош, цига атта дара белхан гӀирс бахьа. И болх болалора Ӏай дуьйна: дакъош цӀандора тӀулгех, бухдахара дитташ. Лаьмнашкара латтанаш лело аьтту боцуш дара. Ладаме болх бара абазойн бошмашлелор а. Оханан латта цӀаннош, акха стоьмийн диттех а, коллех а куьг ца Ӏоттара. Коьртаниг уьш дара акха Ӏаж, кхор, стеш, муьстаргаш, бочбӀар. ЦӀенош а, бахаман гӀишлош а гуттаренна а стоьмийн дитташна йукъахь хуьлура.
Доккха маьӀне роль йара накхаршлелоран — уггар ширачех абазойн белхах. Мезах цара кечдора мерза, «вахош, Ӏовдалвоккхуш» долу малар. Корматалла — аьчкан пхьеран болх, тӀаргӀа а, цӀуока а кечйар. Абазойн генара дуьйна йара кхиина хӀусамера корматаллаш, уьш шайн доьзаллехь йекъна йара. Иштта, тӀаргӀа а, цӀуока а зударийн декхар дара, ткъа дечиг а, эчиг а, тӀулг а кечбар — божарийн болх. ТӀергӀах дора вертанаш, дуткъа маша а, цӀахь лело бедар йан стомма маша а, истангаш, мангал куьйнаш, доьхканаш, мачаш, бӀегӀиган кога йухарш, тайп-тайпана йуьйцина хӀуманаш. Кхиина йара цӀоканхойн, дабагӀахойн а корматаллаш. ЦӀуоканех тегара кетарш а, куьйнаш а, неӀарех йора мачаш а, китанаш а, нуьйранаш а, говран дуьрстанаш а. Кхакха — цӀуоканхочун коьрта гӀирс бу. Сийлахь бара аьчкан пхьераш. Цара дора, тодора мангалш, маьрсаш, шаданаш, аьчкан белаш, ленаш, говран гӀирсан аьчкан дакъош, зӀенаш, уьрсаш, тукарш, кхин дӀа а. Дукхаха болу аьчкан пхьераша герз дора. Герз (тоьпаш а, шаьлтанаш а, уьрсаш а) цара кечдора детийца, дешийца, Ӏаржъеш огура. Иштта болчу пхьерех, дагархой (дешийн, детийн пхьар) хуьлура. Герз дар абзойн генара ламаст хилла схьадогӀу. Пхьераш пхенаш (хрихыц) дора. Герз дарца цхьаьна, абазойн пхьераша тайп-тайпанчу колибрера даьндаргаш йора. Дагархойн болх ширачех пхьола ду абазойн. ТӀахъаьлла пхьераш собарца бора тайп-тайпана кепара гӀирсаш: зударийн а, божарийн а доьхканаш, мухарш, кочаухку хаздерш (туьтеш, кулонаш), чӀагарш, хьолкъаш. Массо а зударшна лерина хаздерш, чӀогӀа хаза кеп йолуш дара, хьолаца кечдина а дара. Ламастан социалан кхоллам — йуьртийн йукъараллаш, бакхий а, кегий а доьзалаш, патронимиш. Эвланаш екъалора патронимин купашка, аренашкахь — гулахь, лаьмнашкахь — бен кепара. Ширачу заманара цӀа — горга, дуьйцина хуьлура, дара иштта деакӀуо, цхьаъ йа шиъ гӀат йолу, зӀарех дина дерш а; XIX бӀешо чекхдолуш абазой буьйлабелира поппар лело, кибарчигийн цӀенош а, дечигах дина а, аьчкан йа гераган тхевнаш а болуш цӀенош а дора. Ламасталлин кертахь цхьаъ йа масех цӀа хуьлура, царна йукъахь хьешан цӀа а хуьлура, царна гено бахаман гӀилош (божалш) дора. Абазойн историн бӀешерийн йохаллехь, Къилбаседа Кавказера кхин къаьмнаш санна, йукъадаьхна къоман даарийн ша-кепара ассортимент, йуург йаран а, йааран а низам. Абазой ширачу заманера дуьйна латта, даьхний, зӀакарадаьхний лелош хилла, иза гойту церан къоман даарша, царна йукъахь коьрта меттиг дӀалоцу – уьстагӀан, бежанан, зӀакардаьхнийн жижиго, ткъа иштта шурех а, ораматех а дина даарш. Абазойн дукха ду даарш зӀакардаьхнийн жижигах. Котаман йа москалан жижигах до къоман даар квтIужьдзырдза (ма-дарра: «котам жижиг берамца»). Абазойн даарш лаьттаха кхуьу а, даьхнийн а ламастан сурсатийн бух тӀехь ду, алсама даьхнийн махьарш лелайо, налха а, хьелийн даьтта а, тӀо а, йетта шура лелайо. Тухуш йолу чамбийригех, абазойш, кхечу къилбаседакавказан къаьмнаш санна, лелабо дукхах дерг аьхьна цӀиен бурч, аьтна кӀонцерг (саьрмасекх) туьханца, иэйина йакъийна бецаш — коьртаниг оччам а, хьожа йогӀу буц а. КӀуочу берамех абазойш лелабо муьстачу шурех, тӀонах, цӀиен бурчах, аьтта кӀонцергах туьханца дина берамаш. Даьржина ду гӀийлавахоран малар бахсыма (мохса). Абазойн халкъан бартакхоллар ладаме дакъа ду синмехаллин оьздангаллин. Абазойн боккха безам бу чӀегӀардигашна, лору уьш адам тайпа кӀелхьарадаьккхинчарах. Цамагадо чӀегӀардагийн бенаш дохо, хӀунда аьлчи иза чӀогӀа доккха къа лору. ЦӀа чудеанчу чӀегӀардиго доьзална ирс-аьтту беана лору, цамега цунна зулам хилийта. ЧӀегӀардигах лаьцна дийцар ду. Ширачу заманахь ворхӀ корта болу саьрмако дӀасахьажийна дуьненан массо а маьӀӀе тайп-тайпана дийнаташ а, олхазарш а, сагалматаш а хаархьама стенан жижиг ду мерза. ЧӀегӀардиган дуьхьала кхетна лаьхьа, иза адаман цӀий уггар мерза ду ала сиха бара саьрмаке. ЧӀегӀардиго шен шеко йу аьлла лаьхье багагӀаттайай церг гайта аьлла. Лаьхьо багагӀаттийча зӀок тоьхна мотт баьккхина. Оцу хенахь дуьйна лаьхье мотт ца бийцало, шуш алар доцург. Цундела кхераме хабар дӀа цакхечира саьрмакан. Адамаш кӀелхьара девлира. Абазой тешарехь пхьид — догӀан хаамхо йу, иза цкъан а ца йуьй. Ткъа говр абазойн фольклорехь (туьйранашкахь, дийцаршкахь) тамашийна хьолаш делла йу, муьлххачу хенахь а дена кхерам тӀебеачи гӀоьнна йогӀу. Абазойша ларйина мехала туьйран эпос. Цунна чудогӀу тайп-тайпана туьйранаш. Туьйранашкахь хуьлу дуьненан а, кавказан йукъара а сюжеташ. Уггар гӀарадаьлларг — Наьртийн эпос. Туьйранашкахь даиман а тоьла дика а, нийсо а, ткъа зулам шеко йоцуш оьшу. Абазойн туьйранийн эпосан коьртачех цхьа тема йу — къинхьегаман тема. Кхолларан, паргӀата къинхьегам эшаршка буьллу. Нуьцкъала беш болу болх таӀзар а, наьӀалт а ду. Дика турпалш бу говза Ӏуй, ахархой, таллархой, тегархой. Дукхаха долу туьйранаш чекхдовлу дешнашца:«…цул тӀаьхьа ирсе баха хевшира уьш». Абазойн фольклорехь боккха меттиг бу хабарийн (бакъ хаамаш болу дийцарш), кицанийн. Халкъехь хазахетеш ду хӀетал-металш. Цхьаьна могӀанехь халкъан бартакхолларца йоккха роль ловзийна абазойн ламасталлин-хӀусаман оьздангаллин музыкин а, хелхаран а фольклоро. Абазойн музыкин гӀирсех хаам бина XIX бӀешеран йозанан хьосташ. Билгалабина бу абазой самукъадоккхуш хилла шина агӀора дечиг-пондур, «бецан зурма». Ширачу музыкин гӀирсаш йукъахь бу: дечиг пондур (мышIкъвабыз), шина агӀора Ӏад хьокху пондур (апхьарца), арфах тера гӀирс - анду, тоьпан чӀижаргӀах йина зурма (кIыжкIыж), дечиган кӀаркӀар (пхьарчIакь). Абазойн уггар шира гӀирс хилла зурма а, шедаг (ацIарпIына) а. Амалехь ду шеран циклца доьзна ламасташ а, гӀиллакхаш а. Ӏалашйина фольклор: наьртийн эпос, тайп-тайпана туьйранийн, эшарийн жанраш. Дукха генарчу заманера дуьйна халкъо эшарш йоху. Абазойн халкъан эшарийн кхоллараллийн тайп-тайпана жанраш йу. Халкъан эшарш къастало бес-бесарчу теманашца: белхан эшарш, ахархойн белхан эшарш, ловзарийн, ламасталлийн, сийлаллин, хелхаран, эпосийн, лирикин, забарийн, историн турпалашна тийжаран эшарш, лирикан тийжаран эшарш, ткъа иштта тайп-тайпана берийн эшарш а.

Ламастан духар

бӀаьра нисйан

XIX бӀешеран хьалхарчу декъехь абазойн массо а духар цӀахь деш дара шайн тӀергӀах а, кӀадих а: шогачух (шарбал), дуткъачу машанах (чоа). Хьалдолчу нехан бен ницкъ цакхочура эцначу кӀадих бедар тега. Бедаран кӀадица къасталора хьалдолу нах а, элий а. Духаран иза йа важа бесо гойтура социалан марка. Къегина бесаш элийн лорура. Къинхьегамхоша лелайора шогачу кӀадех тегна таьӀна бедар.

Божарийн духар

Божарийн духар хилла чухулайуху бедарх (цӀахьцӀацӀа), барзакъах лаьтташ. Барзакъна йукъайогӀу коч (асы), тӀехулайуху хеча (айква), башлакх (къапталь), чоа (кӀвымжвы).

Чухулайуху бедаран гӀирс хилла цӀахь дуьйцина кӀади. Тегарца чухулайуху коч туникакепара хилла, накхан тӀехь йиллина а йолуш, кач гӀаьттина а болуш. Нуьйдарчий накхан йуккъехула йа аьтту агӀора хилла. Кач къовлуш хилла кегийра нуьдарчийн могӀанца йа ветнашца. Кучан йух хечин чуйуллуш хилла. Чухулайуху хеча тоьгуш хилла нийсса охьа, лахахь гатлуш хечин когаш болуш. Чухулайуху кучан тӀехула гӀовтал йухуш хилла. ГӀовталан хилла лаьтташ болу аьхна кач, дӀатосуш хилла накхан йуккъера гӀадайуккъе кхаччалца. Накхан тӀехь а, агӀонаш тӀехь лахахь а кисанаш тоьгуш хилла. Пхьош деха деш хилла нуьйдарчий а йоцуш ка тӀехь гатталуш. Хьалдолчу цӀийнарчу божарша бесарчу йа кӀайн эцначу кӀадих тегна гӀовталш лелош хилла, ахархоша — Ӏаьржачу йа мокхачу цӀахь дуьйцинчу кӀадих тегна.

Духар тӀехула чоа духуш хилла. Чоан дохалла а, иза тегна гӀирс а цуьнан ден тароне, тӀегӀане хьажжина хуьлуш хилла. Масала, лакхарчу тӀегӀанера божарша Ӏидан чоа тоьгуш хилла эцначу кӀадих 15-20 см голел охьадолуш. ХӀора дийнахь лелориг, кхин а говрахь лелаш, талла воьдуш духа чоа дуккха а доца хилла. Чоан букъ дийна тегна, хьалхара ши тӀам гӀодайуккъе кхаччалц тӀелетта, лахахь дӀасабахна хуьлуш хилла. Чоан пхьош тоьгуш хилла нийса, лахахь шорлуш, дохалла куьг хьулдеш. Пхьоша лахара дакъа хьалакарчадора. Чоан кач кхо са берг санна биллина хилла. Чоан хьалхара ший а тӀам накхан йуккъера гӀадайуккъе кхаччалц ветанашца дӀатесна хуьлуш хилла.

Чоан накхан тӀехь шине а агӀора киснаш тоьгуш хилла бархӀ-итт могӀа а боккхий ирхнехьа, ша-кепара бенаш бой (хӀазыртара). Царна чу бустамаш хӀиттош хилла. Бустамийн тӀассарчий дешийций, детийций кечдеш хилла — тароне хьожжий. Бустамаш вовшахтосуш хилла паргӀата охкийначу детийн зӀенца. Чоан кӀурзбиллина детийн эӀанаш тийсина наьӀардоьхк (мъа) доьхкуш хилла. Абазойн элех болчу божарийн духаран цахила йишйоцу дакъа хилла шаьлта. ГӀовталан туран наьӀардоьхка доьхкуш хилла, иза кечдина хилла шайна тӀе тур а, шаьлта а уллу цӀеста а, детин а маӀаршца. Абазоша лелийна «кама либо бебут» тайпана шаьлтанаш, кхин тӀе хӀайкалан метта а лелош хилла уьш.

Турех, тароне хьаьжжина, мехала дара Мисар болатан тур, йа килич (туркойн тур), йа гаддарэ (иранийн тур). Беречун духаран дакъа хилла секха Ӏад пхенаш чудохку Ӏад-баттаца. Абазоша шайца гуттаренна а лелош хилла жима урс, иза бахамехь лелош хилла, амма гуш лелош цахилла, хӀунда аьлчи духаран дакъа цахилладера. Дезачу божарийн духарех хилла верта (уапӀа) а, башлакх (башлыкъ) а. Вертанаш хилла Ӏаьржа, сира, кӀай, шера а, чо болуш а. КӀайн верта лелош хилла элийн доьзалаш, ахархоша — Ӏаьржа а, сира а, дикка доца а. Божарша коьрта тохкуш хилла Ӏаьржа йа мокха куй, бохь кӀадин а болуш (чӀвашвахъылпа).

Уггар йаьржина божарийн кога йухург — бӀегӀиган йа тӀаьрсиган пезагаш.

Зударийн духар

Зударий духар лаьтташ хилла чухулайуху бедарех (цӀахьцӀацӀа), кучах (ъахвтан), тӀехула йуху тӀемаш долу еха коч (шарбал\\бурса ъахвтан). Иштта ехачу кучах абхазаш олу «абырса цкы».

Чухулайуху бедар къаьсташ хилла божарийнчух кучан хьорканашка кхаччалц йолчу йохаллийца. Тоьгуш хилла басмех.

Билгалчу хенахь (9-12 шо) йоьӀан, луларчу адыгаш санна, тоьгуш хилла корсет (дуфакь, кванчыюа, айшыс). Корсето йоьӀа хаза куц деш хилла, накхош кхиарна новкъарло еш хилла. Абазоша, луларчу къаьмнаша санна — масала хӀираш, лорура, зударийн хазалла йуткъа гӀодайукъ, кегий накхой, йеха чӀабанаш хилча. Корсет тоьгура стоммачу шалха тоьхначу кӀадех йа буха кӀади тегна тӀаьрсигах. ЧӀогӀа хилийта цунна чу дечиган, аьчкан йа даьӀахкан эӀанаш йохкуш хилла. Корсет маре йаххалца лелош хилла.

Чухулайуху куча тӀехула коч йухуш хилла. Кучан хӀоьттина кач, деха пхьош хилла. Ӏидан кучан пхьош гуттар дахдеш хилла, куьйга тӀекхочуш шорлуш а хилла. Иштта, абазойн зударийн духаран масийтта чкъор долуш пхьош хилла а ца Ӏаш, уьш чӀогӀа говза кечдеш а хилла. Васт къовлар дерзош хилла тайп-тайпана йовлакхаш.

Оцу куча тӀехула йоха таро хилла, шийло хилча, кхин а йоца йина коч — божарийн гӀовталах тера. Зударийн гӀовтал, божарийчух къасто, йух тегаршца йа дешийн тайца.

Ӏиданашна куча тӀехула йухуш хилла йеха хьорканаш тӀекхаччалц, тӀемаш болу коч (бурса ъахвтан) бархатах (диба ъахвтан) йа дарех (чыльа ъхватан). Тегарца коч чоанах тера хилла. Киснаш цахилла, къаьсташ пхьош хилла: гӀеххьа долчу дезчу денна тоьгуш хилла кучамаш бухарчу кучан пхош гуш; дукха даккхийчу деношна — пхош куьга тӀекхаьччи сацош хилла, йуьххье дешийн тайнашца йа дарийн тайнашца тегрш дой. Накхана тӀиера охьа коч кечйора хазачу тегаршца. Тишйеллачу куча тӀиера тегарш схьа а дохий керлачу кучан тӀетоьгаш хилла — иштта нанош шайн тӀехьенашка дӀадуьгуш хилла уьш.

Зударийн духар кечдеш хилла алссама аксессуарашца, дуккха а шорта чергазийн духарехьчул. Иза бахьнехь духар дазлуш хилла тӀетегна детийн чоьтех — доьхка шуьйра хилла, дукха хьолахь нийса а, ах беттан кепара а. Ювелиран гӀирсаш дукхах дерг детех беш хилла. Деший лелош хилла цхьацца хӀуманна дешийн хи дилла. Детий, деший хӀумнаш шен хене хьожжий лелош хилла. Абазойн йоьӀан, зудчун корта кечбарца, коьрта тиллинчу хӀуманца мел хан йу, схьайалар, марехь йу, йац хаалуш хилла. Зудаберийн месаш шиъ чӀаба а йой дӀайоьхку, коьрта дарийн йовлакх (чылькӀас) туьллуш хилла. Марейоьдург хилча цунна коьрта куй (хьхъылпа — дешийн куй йа разныхъылпа — детийн куй) туьллуш хилла. И куйнаш хилла кхаа кепара. Хьалхарниг — цилиндран муцӀара бохь болуш. ШолгӀаниг — цилиндран гоьрга бохь болуш. КхоалгӀаниг — муцӀара бохь хадийна. Беккъа куй цкъан а лелош цахилла: иза тӀехула къовлуш хилла йовлакхца йа кочахъхьарчоргца, тӀемаш белаш тӀехула тӀехьа а кхуьйсий.

Зудаберийн куй лелабора хьалхара бер дуьнен тӀедаллалц, цул тӀаьхьа зудчо коьрта кхоъ са болу йовлакх (хъарпхьа) туьллура месаш хьулӀеш.

Зударийн когайухург пезагаш а, кӀархаш а хилла. Уьш тоьгура тӀаьрсигах, кечдора бес-бесарчу кечдаршца ког айалучахь а, агӀонаш тӀехь а. Абазойн ламастан духар, билггала денна духург, дукха лаьттира. Ӏидан духар хийцадала доладелира XX бӀешо долалуш. Хийцамаш йуьхьанца хьакхалора духаран а, мачийн а цхьацца декъех.

Самукъане факташ

бӀаьра нисйан

1073 шо — Абазойн иконашйохкурш а, дешийн пхьераш а дакъалецира Киевн-Печерийн лавран килсийчу сурташ дохкуш[13].

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. 1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 Итоги Всероссийской переписи населения 2010 года в отношении демографических и социально-экономических характеристик отдельных национальностей
  2. 1 2 3 4 5 Итоги переписи населения 2010 Архивйина 2017-02-15 — Wayback Machine: Национальный состав населения городов и районов КЧР в разрезе наиболее многочисленных национальностей Архивйина 2016-03-05 — Wayback Machine
  3. 1 2 Joshuaproject. Abaza
  4. Население Абхазии: Перепись 2011 г.
  5. Всеукраинская перепись населения 2001 года
  6. 1 2 3 4 Кунижева Л. З., Смирнова Я. С. Абазины // Народы и религии мира: Энциклопедия / Гл. ред. В. А. Тишков, Редкол.: О. Ю. Артёмова, С. А. Арутюнов, А. Н. Кожановский и др.. — М.: Большая Российская Энциклопедия, 1998. — С. 19. — 928 с. — ISBN 5-85270-155-6.
  7. Афасижев Т. И. Мой аул: Вехи истории. — Майкоп : «Аякс», 2002. — 382 с., с илл.
  8. Афасижев Т. И. Аульская хроника: годы, люди, события. — Майкоп : «Аякс», 2004. — 397 с.
  9. Тхайцухов Михаил Сем. Абазины на Северном Кавказе и в Турции (XVIII - XX вв.). — АВТОРЕФЕРАТ ДИССЕРТАЦИИ НА СОИСКАНИЕ УЧЕНОЙ СТЕПЕНИ ДОКТОРА ИСТОРИЧЕСКИХ НАУК. — Москва: МГУ, 2005.
  10. База микроданных Всероссийской переписи населения 2010 года. Архивйина 2014-06-09 — Wayback Machine
  11. К 450-летию заключения военно-политического союза России и Черкесии(ТӀе цакхочу хьажорг)
  12. О захвате черкесами военного корабля, нападении абазин на Ставрополь
  13. История христианства на Северном Кавказе Архивйина 2014-12-19 — Wayback Machine

Литература

бӀаьра нисйан

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан
  NODES
Project 1