Сарат (Ӏаьр. سارة‎‎) — иза ИбрахӀим пайхамаран зуда а, Исхьакъан нана а, ЯӀкъубан денана а йу. Сарат Ӏебархойн цӀе йу, Ӏаьрбийн матте гочйича цуьнан маьӀна «хазахетар» бохург ду. Ӏебархойн цӀе Сарат (שָׂרָה) цуьнан маьӀна «принцесса» хуьлу.

Сарат
Ӏаьр. سارة‎‎
Йина терахь 1936 в. э. хьалха[1]
Йина меттиг
Кхелхина терахь 1809 в. э. хьалха[1]
Кхелхина меттиг
ДӀайоьллина меттиг:
Къам, некъе Ӏебархой
Майра ИбраьхӀим
Бераш Исхьакъ
Лоруш йолу динаш Ислам, Керсталла, Иудаизм
Дозуш хилла адамаш ХӀажар, ЛутӀ, ИсмаӀил, Азар

Сарат а, ИбраьхӀим а жималлехь дуьйна гергарло долуш хилла, Саратан, ИбраьхӀиман, ЛутӀан наной йижарий хилла боху. Вавилон Намрузан махкахь Ӏаш хилла уьш. ИбраьхӀимас Сарат маре йигира. Шайн махкахь йокъала хӀоьттинчу хенахь и шиъ Мисар дахар. Саратан цхьа бера дацара, шен йалхо ХӀаджар ИбраьхӀиме маре йига аьллера цо. ХӀаджаран кӀант хилира ИсмаьӀил, массарна и шиъ дукха дезар, и бахьана долуш Сарат царех хьоьгура.

90 шо кхаьчча АллахӀ-дала цунна кӀант Исхьакъ велира.

Кхин хьажа

бӀаьра нисйан
  1. 1 2 http://timeline.biblehistory.com/event/sarah
  NODES